ГлавнаяНовости«Бекалахь, ненан мотт» цIе ...

«Бекалахь, ненан мотт» цIе йолу нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар

1550 просмотров

Тахана тIетоьхначу дешаран республикански берийн (жималлин) технически кхоллараллин центрехь дIадаьхьира «Бекалахь, ненан мотт» цIе йолу нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалецира центран юкъайогIучу кружокийн кхиархоша. Цара хьовсархошна гайтаме ехкинера шаьш дезачу денна лерина кечйина йолу байташ, хелхарш, иллеш, ткъа иштта гайтира шайн куьгийн корматалла а, нохчийн халкъан хазна – бIаьвнаш а йинера, цхьаьнакхетаран тематикица догIуш долу суьрташ дехкинера. Цхьаьнакхетар, массо а декъашхойн самукъа а доккхуш, дIадаьхьира, дерзош дакъалацархошна баркаллин кехаташ делира. Билгалдаккха догIу, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзанс шен Указца «Нохчийн меттан Де» аьлла дIакхайкхина 25-гIа апрель. Оцу тайпана цо гайтира меттан дозалла а, цуьнан сийдан дезар а. Ткъа хIара санна долчу цхьанкхетарш дешархойн шайн ненан матте болу безам тIечIагIбо, уггаре а исбахьчу хазачу меттанехь цхьаъ хилар царна довзуьйту.