Муьлххачу а къоман а шен ненан мотт бу. Мотт боцуш дац цхьа а къам.
Мехк-Да Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан д1акхайкхийначу «Йе-е, гора кура к1ентий!» байт говза йешаран къовсадаларехь дакъалецира ГБНОУ «РКОиДО «Квант» дешархочо Цуцаева Сурьяна. Къовсадаларехь 3-г1а меттиг йаккхарна деза совг1ат а делира. Конкурс лерина йара т1екхуьучу т1аьхьенна нохчийн мотте безам кхиоран, 1аморан 1алошо йолуш!