Лараме доттагIий!
Оха хазахетарца дIахоуьйту «ГIарол» цIе йолу нохчийн маттехула а, литературехула а боккха къовсам дIакхайкхор. И къовсам масех муьрах лаьтташ бу.
Хьалхара мур – «Ненан меттан йовхо» цIе йолу нохчийн маттахь эссе йазйаран VIII-гIа къовсам дIахьур бу 2026-чу шеран лахьанан беттан (ноябрь) 20-чу дийнахь ГБНОУ «РКОиДО «Квант» хьукматехь.
Дакъалаца йиш йу Нохчийн Республикин дешаран хьукматийн 14 шарера 17 шаре кхаччалц болчу дешархойн (18 шо кхаьчначарна дакъалаца бакъо ло, нагахь уьш йуккъерчу йукъарчу дешаран хьукматан программехула доьшуш белахь).
Къовсамехь дакъалацархьама 2026-чу шеран лахьанан беттан (ноябрь) 18-чу дийне (цу дийнахь а цхьаьна) кхачале заявка чуйала йеза кху тIехьажоргца: https://docs.google.com/forms/d/e/1FAIpQLSdmtOvsTBRnzjn_wIEEiwJwI17nOAVWQyYpNHEWIVhtBhJ-yQ/viewform
Иштта тIетоьхначу дешаран Навигатор программехь регистраци йан а йеза кху тIехьажоргца: https://nav.rmc-chr.ru/activity/1743
Къовсамах Положени а, дакъалацаран билламаш а бовза йиш йу кху тIехьажоргца: https://rctt.dod95.ru/konkursy/bolshoi-konkurs-po-chechenskomu-jazyku-i-literature-g1arol.html
Къовсамехь дакъалацарх долчу хаттаршна зIенан лоьмар: +7 989 914-39-91
------------------------------------------
Уважаемые друзья!
Рады сообщить о запуске Большого конкурса по чеченскому языку и литературе «Г1арол», который состоит из нескольких этапов.
Первый этап - VIII конкурс эссе на чеченском языке «Ненан меттан йовхо» пройдёт 20 ноября 2026 на базе ГБНОУ «РКОиДО «Квант» (г. Грозный, ул. Федеративная, 12).
К участию допускаются обучающиеся образовательных организаций Чеченской Республики в возрасте от 14 до 17 лет (лица, достигшие 18 лет допускаются, при условии обучения по программе среднего общего образования).
Для участия в конкурсе необходимо подать заявку до 18 ноября 2026 года (включительно) по ссылке:
https://docs.google.com/forms/d/e/1FAIpQLSdmtOvsTBRnzjn_wIEEiwJwI17nOAVWQyYpNHEWIVhtBhJ-yQ/viewform
Также необходима регистрация в Навигаторе дополнительного образования по ссылке: https://nav.rmc-chr.ru/activity/1743
Положение о конкурсе и условия участия можно найти по ссылке: https://rctt.dod95.ru/konkursy/bolshoi-konkurs-po-chechenskomu-jazyku-i-literature-g1arol.html
Контактный телефон по вопросам участия в конкурсе: +7 989 914-39-91