ДЕНЬ ЧЕЧЕНСКОГО ЯЗЫКА В СТЕНАХ КВАНТА
НОХЧИЙН МАТТАХ — НОХЧИЙН МАТТАХЬ цIе йолу поэзин суьйре дIайаьхьара «КВАНТ» комплексехь.
Цхьанкхетаре гулбеллера НР-н Iилманан а, дешаран а министран гIовсаш Зубхаджиев Мохьмад-Iела а, Усманов Ахьмад а, йаздархой союзан декъашхой а, иштта кхиболу хьеший а.
Суьйре дIахьош дешархоша лерамечу хьешийн тидме йиллинера лерина программа. Цуьнан гурашкахь цара нохчийн меттан дозаллех, хазаллех лаьцна дуьйцуш йолу, махкахь г1арйойла евзаш йолу байташ а йийцира, иллеш а элира.
Цхьанкхетар нохчийн ламастех дуьзна дара, хьешашна а чIогIа тайра иза. Цара дехар дира дешархошка шайна а, нийсархошна а юкъахь ненан мотт бийцар а, 1амор а ч1агIде аьлла, мотт дIаьбаьлча къам доцуш лоруш хилар а дийцира.
Хууш ма хиллара Оханан беттан 25-г1а де — нохчийн меттан деза де лерина ду. Иза билгалдаьккхина вайн Мехк- Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана даьккхина долчу 2007-чу шеран √207 йолчу указаца. Нохчийн Республикин Конституцин 10-г1а статья т1ехь йаздина а ду и. Ткъа вайн махкахь иза хIора шарахь шуьйра даздеш ду.